Чулацаман тӀегӀо

Европин Кхеташо (ЕБ)

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Европин Кхеташо
Логотипан сурт
Лидер Шарль Мишель[1]
Кхолларан терахь 1974 шеран 9 декабрь[2]
Сайт consilium.europa.eu/…(ингалс.)
consilium.europa.eu/…(франц.)
consilium.europa.eu/…(испан.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Европин Кхеташо (инг. European Council) — Европин бертан лакхара политикин меже, лаьтта ЕБ пачхьалкхийн — декъахойн коьртех а, правительствех а. Европин кхеташонан декъахо иштта ву цуьнан председатель, иза хоржу 2,5 шеран, кхин а Европин комиссин председатель[3].

Кхолларан истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Европин кхеташо кхолларан бух хилира францин президентан Де Голль Шарлан, Европин бертан пачхьалкхин формалан доцу цхьаьнакхетарш дӀадахьаран ойла, цуо дуьхьало йан йезара, интеграцин кхоллам бечу хенахь, къоман пачхьалкхийн роль охьа ца йалийтарехь. Формалан доцу цхьаьнакхетарш лакхарчу тӀегӀанехь дӀадаьхьира 1961 шарахь. 1974 шарахь ишттачу цхьаьнакхетарехь Парижехь и практика тӀеийцира Жискар д’Эстен Валерис кховдорца, иза оцу хенахь Францин президентан даржехь вара.

Кхеташоно билгалайоху ЕБ кхиаран коьрта стратегин агӀонаш. Политикин интеграцин инарлин аса кечйар — Европин бертан коьрта Ӏалашо. Кхеташоно импульсаш ло ЕБ йерриг кхиарехь. Министрийн кхеташонца цхьаьна могӀарехь Европин кхеташонан йелла политикин функцеш («политикин арбитраж» олуш йолу), цуьнан бакъо йу европин интеграцин коьрта бертийн хийцамаш бан. Цуьнан гуламаш хуьлу эха шарахь шозза сов йа Брюсселехь, йа председатель йолчу пачхьалкхехь, председатель хуьлу, оцу хенахь Европин бертан кхеташонан коьртехь йолу, пачхьалкхан-декъахочун векал. Гуламаш лаьтта шина дийнахь.

Цара кечбеш болу а, тӀеоьцу а сацамийн хуьлу политикин директивин амал, кхин тӀе ло царна юридически тӀедилларан ницкъ. Кхеташоно тӀеоьцу сацамаш — ша кепара гӀуллакхийн план йу, царна чохь гайтина кхин дӀа кхиаран Ӏалашонаш. Масала, Лиссабонан стратеги (ЕБ уггаре конкуренци йолу дуьненан экономика яран стратеги) кечйина Кхеташоно. Цуьнан сацамаш хьажийна институташ, меженаш, кхолламаш, ткъа цаьрга терра пачхьалкхаш-декъахой, юридически декхарийлахь бу уьш кхочушбан а, дахаре баха а.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
pFad - Phonifier reborn

Pfad - The Proxy pFad of © 2024 Garber Painting. All rights reserved.

Note: This service is not intended for secure transactions such as banking, social media, email, or purchasing. Use at your own risk. We assume no liability whatsoever for broken pages.


Alternative Proxies:

Alternative Proxy

pFad Proxy

pFad v3 Proxy

pFad v4 Proxy