1937 шо
Арахьара хатӀ
(1937 шеран тӀера хьажжина кхуза)
Шераш |
---|
1933 · 1934 · 1935 · 1936 — 1937 — 1938 · 1939 · 1940 · 1941 |
Итта шераш |
1910‑гӀа · 1920‑гӀа — 1930‑гӀа — 1940‑гӀа · 1950‑гӀа |
БӀешераш |
XIX бӀешо — XX бӀешо — XXI бӀешо |
Оцу шарахь хилларг
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Грознефтестрой» трест болхба йолаелла (1937 шеран 1 апрель);
- Соьлжа-ГӀалахь пионерий беш хьайиллина (1937 шарахь 6 июнь);
- Гуьмсех хьалхара мехкдаьттан фонтан хьалатоьхна (1937 шеран 1 сентябрь);
- Хьайиллина Лермонтовн цӀарах Оьрсийн драматически театр (1937 шеран 1 сентябрь).
Оцу шарахь бинарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бексултанов, Умар Ахматсултанович (1937 шеран 20 октябрь — 2014 шеран 6 декабрь) — нохчийн композитор, хьехархо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР а, Нохчийн Республикин а исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, нохчийн Республикин шатлакхан илли язйинарг;
- Гайтукаев, Казбек Байсалович (1937 шеран 8 март) — нохчийн йаздархо, Ӏилманча, Нохчийн Республикин йаздархой бертан председатель, СССР йаздархой бертан декъашхо;
- Кибиев Мусбек Магомедович (1937 шеран 7 август — 1996 шо) — поэт;
- Магомедов, Султан Лутаевич (1937 шеран 4 май — 1980 шеран 20 декабрь) — нохчийн эшархо, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь артист, йукъараллин гӀуллакххо;
- Муслиева, Тамара Магомедовна (1937 шеран 17 январь) — Социалистически Къинхьегаман Турпалхо;
- Окуев, Шима Хамидович (1937 шеран 6 ноябрь — 1986 шеран 16 декабрь) — нохчийн йаздархо, Нохч-ГӀалгӀай АССРн а, СССР а йаздархойн тобаний декъашхо;
- Хасбулатов, Асланбек Имранович (1937 шеран 24 ноябрь — 2013 шеран 2 октябрь) — нохчийн Ӏилманча, историн Ӏилманийн доктор, Нохчийн пачхьалкхан университетан профессор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР а, ГӀалгӀайн Республикин а Ӏилманан Сийлахь гӀуллаккхо;
- Чергизбиев, Зайнди Магомедович (1937 шеран 23 апрель) — нохчийн композитор, музыкант, дирижёр, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Сийлахь исбаьхьаллин гӀуллакххо;
- Шахбулатов, Аднан Маккаевич (1937 шеран 25 ноябрь — 1992 шеран 4 июнь) — Нохч-ГӀалгӀай АССРн культурин Сийлахь белхало, композитор;
- Эдисултанов Шита Шамсудинович (1937 шеран 30 август — 2002 шеран 7 август) — культурин Сийлахь белхало, Нохч-ГӀалгӀай АССР Халкъан артист;
- Яндаров Андарбек Дудаевич (1937 шеран 27 август — 2011 шеран 8 май) — философи Ӏилманан доктор.
Оцу шарахь белларш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Айсханов, Шамсуддин Катаевич (1907 шо — 1937 шо) — нохчийн йаздархо, поэт, гочдархо, серлонча, нохчийн литературин бух биллинчарех цхьаъ, партин а, йукъараллин а гӀуллакххо;
- Дудаев, Абди Дудаевич (1901 шо — 1937 шеран 24 декабрь) — нохчийн поэт а, йаздархо а, нохчийн литературин бухбиллинчарах цхьаъ;
- Магомаев Абдул-Муслим (1885 шеран 18 сентябрь — 1937 шеран 28 июль) — композитор
- Резерфорд, Эрнест (1871 шеран 30 август — 1937 шеран 19 октябрь) — Керла Зеландера ваьлла британийн физик. Цунах олу «Ядерни физикин да». Цо кхоьллина атоман планетарни модель. Химин Нобелин совгӀатан лауреат.