Чулацаман тӀегӀо

Аьхке

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Аьхке

А́ьхкеШеран заманах бӀаьстенан а, гуьйренан юккъера зама, амалехь ю гуонахьарачу хьолан уггаре лакхара температура.

Лаьтта кхаа баттахь: къилбаседа эхигехьиюнехь, июлехь, августехь, Къилба эхигехьдекабрехь, январехь, февралехь.

Астрономин аьхке

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Июнехь малх цӀа кхачар. Басца гайтина тайп-тайпана дийнан дохалла долу дуьненан зонаш (къилбаседа эхиг лакхахь)

Дуьнен тӀиера заманан хийцамаш боьзна бу планета Мелхан гуонаха шеран хьовзаран мурца а, орбитан экъане хьаьжна хьовзаран семан таӀарца[1]. Астрономин хьолера хьаьжча, Къилбаседа эхигехь астрономин аьхке — июнан малх цӀа кхачаран а, сентябрехь де-буьйса нисдаларан йукъара мур бу — лаьтта 21 (20) июнера 23 (22) сентябрь кхаччалц. Къилба эхигехь астрономин аьхке хуьлу — декабрехь малх цӀа кхачаран а, мартехь де-буьйса нисдаларан а юккъера муьрехь — лаьтта 21 (22) декабрера 20 (21) март кхаччалц[2].

Климатан аьхке

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Тайп-тайпанчу географин асанашкахь Мелхо цхьабосса Дуьне серла ца даккхарна аьхкенан зама къаьста Ӏаьнан заманах тайп-тайпанчу тӀегӀанца. Шораллица тӀекхета дийнан дохалла Ӏай а, бӀаьста а, уггаре деха хуьлу полюсашкахь (хьажа Полюсан де), цигахь Малх чу ца бузу 6 баттахь.

ГидрометеогӀуллакхо лору, аьхкенан мур болабалар де-буьйсанан юккъера хӀаваан температураш Цельсин +15 градусал сов яьлчи, ткъа чекхйолу — 15 градусал охьаяла йолаелчи[3][4]. Иштта аьхке тӀекхачаран хаъал хьесап лору Ӏаьнан гӀоролаш совцар, ткъа аьхке дӀаялар, гуьйре тӀекхачар лору гуттаренна а гӀуоролаш юхаерзар.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. См. Времена года
  2. Flammarion C. Popular Astronomy. — Cambridge University Press, 2014. — P. 32—33. — 720 p. — (Cambridge Library Collection — Astronomy). — ISBN 9781108067843.
  3. Погода в Москве: климатическое лето запаздывает // Gismeteo.
  4. Гидрометцентр России Архивйина 2017-12-05 — Wayback Machine

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
pFad - Phonifier reborn

Pfad - The Proxy pFad of © 2024 Garber Painting. All rights reserved.

Note: This service is not intended for secure transactions such as banking, social media, email, or purchasing. Use at your own risk. We assume no liability whatsoever for broken pages.


Alternative Proxies:

Alternative Proxy

pFad Proxy

pFad v3 Proxy

pFad v4 Proxy